ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн кхел юкъахъяьккхина цхьахволчу тешна вуон а хилла


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Оршотдийнахь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан кхелехь левечу полисхочо шегахь вон хьал ду аьллачул тIаьхьа, юкъахъяьккхина суьдхойн кхеташо. Кхелахоша хьалхара хеттарш дар долийра Титиев сацочу дийнахь новкъахь ха деш хиллачу полисхочуьнга Данчаев Мохьмаде.

Титиев дIалоцучу дийнахь ша Хутаевца а, Гараевца а цхьана гIаролехь вара, Гараевс тешаш бало гIо аьлла, дIахьажийра ша аьлла, дийцар долийна, цул тIаьхьа шегахь дика хьал дац аьлла, латкъам бира цо. Йоьду кхел сацйра суьдхочо. Цул тIаьхьа лоьраш кхайкхира аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталлан корреспонденто.

Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев, цуьнгара наркотикаш яьхна аьлла, бехкала а воьллина. Бехк тIе ца лоцу бакъонашларъярхочо, полисхоша шена кхийсина ю аьлла цо наркотикаш.

Кхеле баьхкинера Ганнушкина Светлана а, "Iазапна дуьхьалояран комитетан" векалш а, "Театр Doc" документалан пъесан театран белхахой а, Маршо Радион, "Дош" журналан, "Кавказ.Реалиин", "Кавказан узел" агенталлан журналисташ а, Титиевн гергара нах, доттагIий а.

Полисхошна "шайчарна юкъахь" карийра тешаш аьлла Титиевс. "Царна хIун оьшу кхи нах гулбан, хIун нислур ца хууш. Ткъа кхара царна луъург эр а ду, дийр а ду", - аьлла Титиевс "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG