ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин винчу денца декъалвинарш кхеле озийна Петарбухахь


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир винчу дийнахь Восстанин урамехь "набахтехь йоккхийла ахь ехха хан" аьлла, баннер даржийна оппозицин жигархой лецна Петарбухарчу Дзержинскан кIоштан кхело.

Граф Андрей 15 дийнахь-бусий чохь латтор ву, Иванчо Влад а, Рубцов Иван а 10 дийнахь.

Лаьцначех 4-гIа Уткина Светлана юьссу Петарбухарчу полисхойн 78-чу декъехь. Прокуроран пурба доцуш административан жоьпалла цунна тIе дожадойла яц, хIунда аьлча, харжаман комиссин декъашхо иза хиларна.

"Медиазона" хьостан хаамашца, лецначех Граф Андрей оцу акцехь хилла вац, шен самокат тIехь хахкавелла воьдуш хилла иза цу хенахь, амма иза лоцуш яьккхина видео тергамза йитина суьдхоша, ишта дуьхьало йина цуьнан тешаш лебан а.

Дахначу кIирандийнахь ишта Москох а масех оппозицин жигархо лаьцнера. Президентан администрацин гIишлонна хьалха Путин урхаллехь волчу шерашкахь цо динчу мехаллин гIуллакхаш билгалдаьхна, Оьрсийчоьнан карта деанера цара.

Жигархойн хьесапца, уггар а коьртаниг ду - суицид ярехь дуьненахь 4-чу меттехь пачхьалкх хилар, 20 миллион стаг къоьллехь хилар, лакхарчу доьшийлийн 77 процент студент кхечу мехкашка дехьабовла лууш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG