ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СкрипальгIарна кIелойинчу шолгIачун цIе а Iораяьккхина


"Беллингкэт" талламан организацино чIагIдо, Британин Солсбери гIалахь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIна а дIавш даларна шеконашкахь латточу шолгIачун цIе а билгалъяккха аьтто хилла шайн, бохуш. Талламчийн хаамашца, цуьнан бакъйолу цIе ю – Мишкин Александр. Беллингкэто зорбане даьккхина цуьнан паспорт тIера сурт.

СкрипальгIарна "Новичок" дIавшца пайда а оьцуш, кIелойинарш, Зазадоккхучу-баттахь Британи веана хилла ГРУ-н ши белхахо "Петров Александр" а, "Боширов Руслан" а хилла бохуш, чIагIдо Британин полицино. Оьрсийчоьнан Iедалша тIе ца дуьтура и.

Оьрсийн телевизионехула шаьшиннан хиллачу интервьюхь цушиммо дIахьедира, шаьш бизнесхой хиларх а, Солсбери а туристаш санна вахана вара аьлла.

Вуй шуьшиъ ГРУ-н белхахо аьлла, деллачу хаттарна жоп луш, бакъ дац аьллера цушиммо. ТIаьхьо гучуделира "Боширов Руслан" тIеман иччархойн (ГРУ) полковник, Оьрсийчоьнан турпалхо Чепига Анатолий хиллийла. Иза а бакъ ца до оьрсийн Iедалхоша.

Британин полици хIинца тIекхиъна, Мишкин – тIеман лор а, ГРУ-н белхахо а хиларна. 1979-чу шарахь Архангельскан кIоштахь вина ву иза. ТIеман-медицинан академехь дешна цо, тIаьхьо дIакхетта хилла тIеман иччархойх.

Иштта, талламчийн хаамашца, 2010-чу шарахь Москохахь керла кехаташ эцнера цо, Петров Александран цIарца. Муьлхачу эпсаран чинехь ву Мишкин хууш дац, амма 15 шарахь гIуллакх дина волу иза хила тарло подполковник я полковник.

"Беллингкэт" организацин дIахьедарх цкъачунна цхьана а кепара комментари ца йина Оьрсийчоьнан Iедалша. Шайн Мишкин Александрах вовшахтоьхна рапорт шинаридийнахь зорбане яккха дагахь бу талламчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG