Ирландин латархочуьнца Макгрегор Конорца хиллачу латарехь толам баьккхинчу Нурмагомедов Хьабибан совгIат дIа ца ло Iамеркан Невада штатан атлетикан комиссино. Латархойн чемпионатан куьйгалхочо Уайт Дэйна бина и хаам, яздо TMZ хьостано.
"Хьабибна ахча дIа ца кхачо гIерта уьш. Лахь а, доллу ахча лур дац цунна. Чемпионан доьхка дуьтур ду цуьнгахь, амма дисквалификаци йийр ю, схьахетарехь, 4-6 баттана. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн территори тIехь лата бакъо юьтур яц цунна, я кхечу пачхьалкхашкахь хIитточу турнирашка а кхайкха дагахь а дац тхо", - аьлла, дIахьедина Уайта.
UFC-н турнирехь толам баккхарна 2 миллион доллар догIура Нурмагомедовна.
4-чу раундехь шеца летташволчун садукъдинера цо, цул тIаьхьа октагонал арахьа лаьттачу Макгрегоран спарринг-партнерна тIелеттера. Спортхоша , полисхоша а къеста а беш, летарш хиллера цу чохь.
Ирландин латархочуьнца Макгрегор Конорца хиллачу латарехь толам баьккхинчу Нурмагомедов Хьабибан совгIат дIа ца ло Iамеркан Невада штатан атлетикан комиссино. Латархойн чемпионатан куьйгалхочо Уайт Дэйна бина и хаам, яздо TMZ хьостано.
"Хьабибна ахча дIа ца кхачо гIерта уьш. Лахь а, доллу ахча лур дац цунна. Чемпионан доьхка дуьутр ду цуьнгахь, амма дисквалификаци йийр ю, схьахетарехь, 4-6 баттана. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн территори тIехь лата бакъо юьтур яц цунна, я кхечу пачхьалкхашкахь хIитточу турнирашка а кхайкха дагахь а дац тхо", - аьлла, дIахьедина Уайта. UFC-н турнирехь толам баккхарна 2 миллион доллар догIура Нурмагомедовна.
4-чу раундехь шеца леттачуьнан садукъдинера цо, цул тIаьхьа октагонал арахьа лаьттачу Макгрегоран спарринг-партнерна тIелеттера. Спортхоша а, полисхоша а къеста а беш, летарш хиллера цу чохь.
Оццу юкъахь Дуьненаюкъарчу боксерийн федерацин (IBE) чемпионо Бетербиев Артура а толам баьккхина, тIечIагIйира шен дуьненан чемпионан титул Чикагохь хиллачу латарехь.