Дагестанерчу Кизляран кIоштан полисхошна арздина Нохчийчоьнан омбудсмено Нухажиев Нурдис. Мехкан куьйгалхочуьнга Васильев Владимире а, республикан прокуроре а кехат дахьийтина цо.
Карладоккху, байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь бакъонашларъярхочуьнга латкъам бинера телефонехула Нохчийчуьрчу зударша. Цара бахарехь, ялх зуда тIехь а йолуш, Москохара йогIу автобус Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь латтийнера некъан полисхоша кхаа дийнахь, бусий "Кизляр" постехь. Шайна хоуьйтуш дацара аьлла зударша, шаьш мича бахьанашца латтадо а, хIунда аьлча, я официалехь бехкаш дохкуш ца хилла цаьрга, я уьш сацорах протоколан копеш кара луш а ца хилла.
Оцу хьокъехь Дагестанан Iедалхошка талламбар доьху нохчийн омбудсмено. Нохчийчоьнан куьйгалхочун цIарах бакъонашларъечу урхаллан белхахоша чIагIдарца, чуян а, йохка а йихкина, я кхидолу кехаташ тIеоьшу хIуммаъ ца хилла зуударша-йохкархоша дозанехула чекхйоккхуш.