ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: Къилбаседа Кавказехь 6 теракт юкъахдаьккхина


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн куьйгалхо Бортников Александр
Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн куьйгалхо Бортников Александр

Къилбаседа-Кавказехь карарчу шарахь 6 теракт юкъахдаьккхина аьлла, дIахьедина ХIинжа-ГIалахь йоьдучу Къоман антитерроран комитетан кхеташонехь ФСБ-н директоро Бортников Александра.

"Долчу жамIашца, кечдеш хилла 6 теракт гучудаьлла. ДIалаьцна 63 зуламхо а, церан 142 декъашхо а", - дIахьедина Бортниковс.

Цул совнах, билгалъяьккхинчу заманчохь вийна 50 тIемало, шайлахь Нохчийчохь а, Дагестанехь а зуламаш лелийначу гIаттамхойн тобанийн хьалханчаш а болуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG