ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эксперт: Къилбаседа Кавказехь йолу проблемаш гойту ГIалгIайчуьрчу акцеша   


ГIалгIайчоь -- Маситта де ду республикан коьртачу гIалахь Магасехь бахархой митингехь лаьтта, ГIад. 7, 2018

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:16 0:00
Линкана тIе

Нохчийчоьнца латтанаш хийцарна дуьхьал хьажийна акцеш совцуш яц вуьшта а гIоьртина хьал лаьттачу ГIалгIайчохь. Маситта де ду республикан коьртачу гIалахь Магасехь эзарнаш нах митингехь лаьтта, регионан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек даржера дIаваккха гIерташ, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.

Бахьана ду дIабаханчу беттан 26-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цо бина, ткъа дIадаханчу еарин дийнахь гIалгIайн парламенто къобалбина, барт.

Аналитикашна хетарехь, Оьрсийчоьнан Кавказехь сийсаш лаьтта цакхетамаш, цу регионна хилла ца Iаш, вуно боккха кхерам бу Евроазина а.

Латта хийцаро тижо дезаш дара 1991-чу шарахь Советан Пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа кхолладелла гIоьртина хьал. Ши регион цхьана хенахь дакъош дара Нохч-ГIалгIайн Автономин Советийн Социализман республикан. И республика екъаелира СССР йоьхна шо даьллачул тIаьхьа.

Амма гIоьртина хьал мал даларан метта бинчу барто эргIадбахийтина ГIалгIайчуьра бахархой.

"Тахана эргIад девлла ду тхо, халкъе а ца хоттуш, шина регионан куьйгалхоша латтанаш хийца сацам барна, - бохуш вара ГIалгIайчуьра вахархо Ажигов Хьамид.

Митинган декъашхоша кхайкхамаш бо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо шен дарж дита деза, хиллачо республикана зе дина, ткъа Нохчийчоьнна пайдехьа хиларна, бохуш.

"Тхайн латта тхайна дисар лаьа тхуна. Хьалха а иза тхан дара, иштта тхайн иза дитита а лаьа тхуна", - боху ГIалгIайчуьрчу кхечу вахархочо Ахилгов Вахас.

Нохчийчоьнан хьалханчана Кадыров Рамзанна гIортор еш ю Москох, и регион шен куьйгакIеллахь латто хьуьнар долуш иза хиларна. Амма иза гIерташ ву Кавказехь а коьрта позицеш дIалаца, боху Iамеркан къоман лардаларан Университетерчу аналисто Ельцов Петара.

"Къилбаседа Кавказехь ша паччахь санна хеташ ву иза, цунна яздина дац цхьа а низам. Ас дуьйцург ду, цо ша Путин Владимирна муьтIахь ву бохуш дIахьедарш дар, цундела цунна хьалха бен жоьпаллехь цунна хеташ ца хилар. Дозанех лаьцна аьлча, Советан пачхьалкхо цу регионехь уьш билгалдахара шена луучехула", - боху Ельцовс.

Кавказехь дехаш ду 50 сов къам. Нохчий цигахь уггаре а доккха къам ду. Цхьадолу халкъаш шайн дозанаш я Iедалан органаш йоцуш ду. Царах дукхах долу къаьмнаш къечу хьелашкахь дехаш ду. Къилбаседа Кавказера дукхах долу къаьмнаш чекхдевлла Сталинан Iазапах.

ТIаьхьо Москохо шозза боккха тIом бира нохчийн сепаратисташца, ткъа хIинца цо шен кIоршаме Iуналлехь латтош ю ерриг а Къилбаседа Кавказ. Ницкъ бар Кавказехь эккха мегаш ду мичча хенахь, хета Ельцовна.

ХIинца лаьтта Къилбаседа Кавказера чолхе хьал бахьана долуш боккха тIом эккха мегаш бу ерриг а Евроазехь я, лаххара а, и бахьана долуш Оьрсийчоьнан Федераци йоха мегаш ю, боху цо.

Цу регионехь вуно кIорге дегабаамаш хиларо аьхна хьал кхуллу терроран тIелетарш дан Iалашо йолчу тобанашна.

Адамийн бакъонашларъярхоша а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а, шайна юкъахь Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ а йолуш, емал до Оьрсийчоьнан Кавказехь адамийн бакъонаш йохор а, уггаре а коьртачех йолу маршонаш цигарчу бахархойн ца хилар а.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Шуна муха хета, даггара дуй шена зен хиллачу доьзало Iедална хьалха куьгбехкенаш кIелхьарбахар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG