ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш бохург кхочушхиллалц латта дагахь бу гIалгIай


ГIалгIайчуьрчу Магасехь хьал гIоьртина лаьтта. Шайн мукъа хан мел ерг митинге схьавогIу аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто. Полисхоша дуьхьало ца йо протестхошна, царех дукхахберш дечу къамелашкахь гуламхошкахьа бу.

Протете бевллачаьрца цхьана ламаз до ницкъаллийн структурийн белхахоша, цаьрца хIума а кхоллу. Отелашкахь а, кафешкахь а, пачхьалкхан хьукматашкахь а бен интернет яц. Изза хьал лаьтта Несарахь а.

Евкуров Юнус-Бекна а, Кадыров Рамзанна а юкъахь хилла барт бохабаллалц дIасабоха дагахь бац меттигера бахархой. Хаттар дерзорхьама депутаташка гулам вовшахтохар доьху жигархоша.

ГIалгIайн парламентан 25 депутатах 13 бен вац протестхошца зIенехь. Биссинчеран я телефонаш дIаяйина ю, я позици яц.

"Iедалша кху беттан 15-чу дийне кхаччалц бен магийна дац тхуна митингехь латта, амма тхо дагахь дац цул тIаьхьа чохь совца. Тхаьш бохург цара кхочушдаллалц лаьттар долуш ду тхо", - дIахьедо протестхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG