ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь дIалаьцна байинчу вежарийн ГасангусейновгIеран да


Вийначу шина кIентан да Гасангусейнов Муртазали
Вийначу шина кIентан да Гасангусейнов Муртазали

"Кавказ.Реалии" портало хаамбарехь, вийначу ГасангусейновгIеран шина вешин да Гасангусейнов Муртазали дIалаьцнера ХIинжа-ГIалахь.

Шахьаран коьртачу майданахь пикет дIаяхьа дагахь хиллера иза.Тахана цу акци валаран бахьана дара, республике Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир а, Талламан комитетан куьйгалхо Бастрыкин Александр а, ФСБ-н хьалханча Бортников Александр а бахкарна.

"Коьртачу майданахь латта дагахь хиллера иза, цига полисхоша ца витинера Муртазали, тIаккха мехкан талламан комитетан гIишлонна хьалха хIотта дагадеанера, амма цига а ца вуьтуш, Советский кIоштан полисхойн декъе дIавигина иза", - аьлла, дийцина ГасангусейновгIеран гергарчу стага Гасанов Джамбулата.

2016-чу шарахь тIемалой бойу шьаш аьлла, полисхоша вийра 17 шо долу Гасангусейнов Наби а, 19 шо долу Гасангусейн а.

Шина сахьтехь латта а вина, маьршаваьккхина Гасангусейнов Муртазали.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG