ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лоьрийн ледарлонна зуда елла Соьлжа-ГIалахь


Дарбан цIийнехь операци йинчул тIаьхьа 51 шо долу зуда ялар талламе даьккхина Соьлжа-ГIалахь. Талламчийн хьесапашца, Товбеца-баттахь гIалин дарбан хIусаме еанера и зуда, букъехь лазарш лаьтта шен аьлла. Лоьрийн таллам бинчул тIаьхьа къаьстина, цуьнан диабет а, лаккхара цIийн таIам хилар а.

Эндокринологца дага а ца бовлуш, цIийн а, рентгенан а анализашка а ца хьовсуш, букъдаьIахк этIийна хилла лоьраша зудчун. Цул тIаьхьа вуон хилла лазархо масех сахьт даьллачул тIаьхьа елла.

Бехкенаш къестош, талламчаша листа долийна гIуллакх, хаамбина Нохчийчуьрчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG