ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаев дIахецар доьхуш Москох митинг хIотто дагахь ю нохчийн диаспора


Москохарчу Сокольникехь йоккха митинг хIотто лаам бу нохчийн диаспоран, 2011-чу шарахь бизнесхо Арутюнян Ашот вийна цо аьлла, Екатеринбургерчу талламчаша чохь латтош волчу 37 шо долчу Веданан кIошатарчу Хасаев Мовсарца нийсо яр тIедожош.

"Оьрсийчуьрчу Инарла прокуратурана а, Талламан Комитетна а, Федерацин Кхеташонна а хьалха цхьацца дIа а хIуттуш, Мовсарна гIортор еш пикеташ дIахьо оха. ТIедогIучу шоьтан дийнахь эзар нах вовшахкхетта, шуьйра митинг хIотто Iалашо ю тхан. Инарла прокуратуран гIишлонна дуьххьал дIахIитта дагахь дара тхо, амма Iедалхоша бакъо ца ели, Сокольникехь меттиг билгалхъяьккхина тхуна. Цу кепара акцеш дIаяхьа лаам бу тхан нийсо толлалц", - аьлла "URA.RU" хьостане лаьцна латточун вашас Хасаев Шемала.

2011-чу шарахь Арутюнян Ашот верна бехке ву аьлла, Екатеринбурехь толлуш ду Нохчийчуьрчу вахархочунна Хасаев Мовсарна дуьхьал долийна бехкзуламан гIуллакх. Хасаевн хьокъехь гIуллакх луьстучу юкъанна цуьнан адвокаташ духатоха йиш йоцу тоьшаллаш далийна, иза гунахь цахиларан, амма хIетте а иза бехкала хьарчо гIерташ, материалаш вовшахъетта талламхоша.

Цул совнах, Хасаев шен дахарехь цкъа а хилла вац Екатеринбургехь. Иза бакъхиларан тоьшаллаш до 100 стага.

Маршо Радионо хьалхо яздира, Хасаев Мовсаран вашас Шемала орцадехарх журналисташка. "Сан ян чIагIо ю, Уралехь шен дахарехь цкъа а Мовсар хилла цахиларх. ШолгIа делахь, иза заьIапхо ву. Кхиазхо волчу заманчохь хенан даьIахк каг а елла, цул тIаьхьа даьIахкаш нийса ца хиттаелла цуьнан. Оцу бахьанашца, букъсурт сеттина ву иза, ишта цхьа ког вукхул а ялх сантиметар боца бисина сан вешин. Тешаша даредарца, киллер тIе а ведда, цунна тапча а тоьхна, ведда. Ткъа водийла дуй цу кепара стаг? Цул совнах, и лазор бахьанехь Паркинсонан цамгар а гучуяьлла цуьнгахь, куьйгаш эгадо Мовсаран. Хьан лоцур ву стаг вен и санна волу инвалид?", - дийцинера "URA.RU" хьостане лаьцначу Хасаев Мовсаран вашас.

Цул совнах, Шемала тIечIагIдарца, цу деношкахь цуьнан ваша цIахь хиларна бIе гергга теш ву. ЦIахь, арахь, балхахь, тезетахь а иза гина нах бу. Шен ваша бехкевеш, Екатеринбургера хаам хилча, иза лоцуш чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти вара аьллера Хасаев Шемала.

"ХIетахь цунна ца хаьара ма-дарра, кху деношкахь Екатеринбургехь хилла иза, шен коллегашца дийцарш а хилла цуьнан", - дийцинера Хасаевс.

"URA.RU" хьостано яздарца, 2011-чу шеран бIаьста Екатеринбургехь Белинскийн урамехь герз тоьхна вийра криминалан гонашкахь вевзаш волу Арутюнян Ашот. И зулам къастоза дуьсу дуккха а шераш дара, стохка аьтто хилла полисхойн киллер мила ву хаа. Кху шеран Дечкен-баттахь Устрада-гIала а баьхкина, меттигерчу ОБОП-н белхахошца цхьана лаьцна, дIавигина Хасаев Мовсар.

Хасаевна тIехIоьттина Нохчийчоьнан омбудсмен Нухажиев Нурди. Мовсарна адвокат хIотта ша реза хилар дIахаийтинера журналисто, адвокато Гериханов Хожас Фейсбукерчу шен агIон тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG