ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центр: украинхойн оьрсашкахьа цабезам бац


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Украинан президент Порошенко Петр а
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Украинан президент Порошенко Петр а

ТIаьххьарчу шерачохь Оьрсийчоьне украинхойн йолу юкъаметтигаш хаъал тоелла, ткъа оьрсийн цаьрга хийцаелла яц аьлла, жамIаш дина "Левада-центро" а, Киеверчу социологин дуьненаюкъарчу институто а. Байначу беттан юккъерчу деношкахь бинера статисташа хаттам.

Социологийн талламашца, украинхойн 48 процент респонденташ дуьхьал бац Оьрсийчоьнна, царех 10 % тIехдика юкъаметтигаш ю оьрсашца. Ткъа стохка 37 процент дара и терахь.

Оьрсийчоьнехьа шайн дог-ойла цахиларх дIахаийтина украинхойн кхолгIачу декъо, царех 13 проценто шайн тIехсов цабезам хилар гучудаьккхина. Ткъа шо хьалха Украинера 46 % бахархой негативе хьуьйсура оьрсашка.

Статистийн хьесапашца, оьрсийн Украинаца йолу юкъаметтигаш башха хийцаелла яц. 55 процент бахархоша лачкъа ца бина шайн украинхошка болу цабезам. Стохка бинчу хаттмца дуьстича 2 процент кхиина и терахь. Респондентех кхолгIачу декъо шайн мостагIалла дац аьлла Украинаца, царех 3 проценто "тIехдика" юкъаметтигаш ю шайн украинхошца аьлла, дIахьедина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG