ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Резидентан гIалат. Муха хилира Скрипаль Сергейх Британин шпион


ФСБ-но Скрипаль Сергей лоцуш даьккхина сурт, 2004 шо.
ФСБ-но Скрипаль Сергей лоцуш даьккхина сурт, 2004 шо.

Испанера цIавирзинчу Скрипална гIурт карийра Оьрсийчохь. Махкахь дIабоьдуш бара Нохчийчуьра тIом.

Кху баттахь араелира Британерчу журналисто Урбан Марка язйина "Скрпиалан материалаш: Оьрсийчоьнан шпионан дахар а, валанза валар а" цIе йолу книга. Цуьнан авторо маситта интервью эцнера Скрипалера, цунна дIаьвше тIелатар дале хьалха. Маршо Радион Оьрсийн сервисо материал кечйина цу книгин коьрта кийсакаш юьйцуш.

1992-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман коьртачу штабан Коьртачу талламан урхаллера (ГРУ) балхара дIавала вахана хилла Скрипаль. Кхин а 4 шо даьлча цунах хилла Британин талламан сервисан агент.

Советан Пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Скрипалан тешам байна пачхьалкхах. 1992-чу шарахь аьхка иза Коьртачу талламан урхаллан (ГРУ) штабе веана ша балхара дIавалийта аьлла. Оццу хенахь СССР-н коьртачу штабан ГРУ дIатоьхна хилла Оьрсийчоьнан тIеман минисраллах.

Президент Путин Владимир ГРУ-н штаб-хIусамехь, Москох, 2006 шо.
Президент Путин Владимир ГРУ-н штаб-хIусамехь, Москох, 2006 шо.

"Ас ца лору Оьрсийчоьнан демократаш, керлачу Iедална гIуллакх дан лууш вац со", - аьлла Скрипала, ша балхара д1авала вахача. Амма эскарера мукъа ца витина иза.

1993-гIа шо долалуш Парижерхь волчу резидентан дарж кховдийна хилла Скрипале. Амма Iедалехь дика уьйраш йолу кхин стаг хьалхаиккхина цулла. Скрипалан меттиг карийна Испанин коьртачу гIалахь Мадридехь. Меттигера резидент а вуьтуш, Москохан хьалха жоьпаллехь хилла иза.

Испанехь бизнесца боьзначу нахаца уьйраш дIатаса дагахь хилла Скрипаль, ахча а даьккхина, цул тIаьхьа балхара дIавала план йолуш.

Кхин а 3 шо даьлча, 1996-чу шарахь Скрипалах шайн агент ван аьтто баьлла МИ-6 олучу Британин талламан сервисан. Цуьнгахь доллург зуьйш, МИ-6 белхахочо Багналл Ричарда цхьана дийнахь Скрипалехь йитина хилла Ингалсан махка веддачу ГРУ-н белхахочо Суворов Виктора язйина "Аквариум" цIе йолу книга.

Цу книгина тIехь дуьйцуш ду тIеман талламан сервисна Суворовс хьешан хIусамийн динна маша кхоьллина лаьцна, цу чохь совцуш болчу нахах агенташ бар Iалашонца. Ми-6-на болх бан волалуш Скрипаль лууш хилла Малагехь хьешан цIа схьаделла.

Скрипалан дика белхан карьера хилла.

Британин агент хиллачул тIаьхьа, 1996-чу шарахь Гезгмашин-баттахь, Скрипаль Испанера Москох вахана. Цу хенахь цо масийтта къайле дIайийцина хилла Британин талламхошна. Ми-6-н инзаре боккха аьтто хилла, ГРУ-н штабехь жигара болх беш шайн агент хилар. ТIаьххьара цу структурехь Ингалсан хилла агент вара, 1960-чу шерашкахь Москох лаьцна, тоьпаш а тоьхна, вийна волу Пеньковский Олег.

Испанера цIавирзинчу Скрипална гIурт карийра Оьрсийчохь. Ельцин хIинц-хIинца юхахаьржинера президентан дарже, ткъа иза лоруш вацара тIеман министраллан куьйгалло.

Махкахь дIабоьдуш бара Нохчийчуьра тIом.

Соьлж-ГIала, 1995 шо.
Соьлж-ГIала, 1995 шо.

ГРУ-н коьрте хIоьттийра Скрипалан дика вевзаш волу Корабельников Валентин.

Книгин авторо Урбана чIагIдарехь, цо кечйина хилла Басаев Шамиль вуьйш дIаяхьна операци. Корабельковн куьйгакIеллахь волуш Скрипала куьйгалла деш хилла кадрийн декъана, Британин талламан сервисана мах боцу информаци дIакхачош. Оццу хенахь махкахь карчам бан ойла йолуш хилла Оьрсийчоьнан эскарера эпсарш. Иза тIаьхьо дIадирзира, инарла Рохлин Лев а вуьйш.

Британхошна дIакхачочу информацех хIоразза а масийтта эзар доллар луш хилла Скрипална. Цу кепара, Ми-6 сервисо цунна деллачу ахчанан барам хир бу 90 эзар доллар, чIагIдо книгин авторо.

Скрипаль лецира ФСБ-но 2004-чу шарахь. Кхин а ши шо даьлча 13 шо колонехь яккха хан туьйхира цунна.

Керлачу дахарех ца вьуйлира Скрипаль.

Iамеркехь лаьцначу Оьрсийчоьнан шпионех хийцича, Британехь Солсбери гIалахь вехаш вара Скрипаль, Ми-6 талламан сервисо шена эцначу хIусамехь.

Цигахь Скрипаль даиман а Оьрсийчоьнан "Первый" телеканале хьоьжуш хилла, яздо авторо. Скрипаль реза хилла Кремло дIахьочу политикана, къобул деш хилла цо ГIирма дIалацар, тешаш ца хилла иза Украинин малхбалехь тIом беш Оьрсийчоьнан эскархой бу бохучух. Книгин авторо Скрипаль ву боху "эхь доцу оьрсийн националист". Украинахой "уьстагIий" ду, дика тIехьожуш волу стаг оьшуш долу, олуш хилла Скрипала.

Скрипалан хIусамехь талламаш дIахьош бу полицин говзанчаш.
Скрипалан хIусамехь талламаш дIахьош бу полицин говзанчаш.

Делахь а хьехамаш беш хилла цо Малхбузерчу пачхьалкхийн талламан сервисашна. Дуьйцург хила мега, Украинин кхерамазаллин сервисца юкъаметтигаш лелор. "Иза цо динехь, иза дикачу Iуналла дечу стеган васт ловзош хилла, - бохуш Скрипаль аьшнаш варца яздо Урбана. Солсберехь шена дIаьвше тIелатар дича Скрипаль еххачу хенахь тешаш ца хилла, Оьрсийчуьрчу лерринчу сервисийн белхахоша иза дина бохучух.

ХIинца иза а цуьнан йоI а дехаш ду хьалха санна шайн хиллачу дахарца, адамашца цюкъаметтигаш а лелош, керланаш а доьшуш, социалан машанашка а хьоьжуш. Журналисташца а, книгин авторца а цхьаьнакхета лууш дац и шиъ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG