ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехехь Скрипальна тIехь терго латтош хилла Бошировс а, Петровс а


Петров Александр а, Боширов Руслан а
Петров Александр а, Боширов Руслан а

ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а дIавш даларна Британин Iедалхоша бехкевен Оьрсийчоьнан ши вахархо 2014-чу шарахь къайлах Чехи оьхуш хилла. Оцу заманчохь Чехехь хиллера ша Скрипаль а. Цунах хаамбина "Чехин радионо" шайн иччархошлахь йолчу хьосташна тIе а тевжаш.

Радион хаамашца, Чехехь Скрипаль цхьанакхетта хилла пачхьалкхерчу иччархойн урхаллан белхахошца, царна консультацеш луш хилла цо, оьрсийн шпионаш муха гучубаха беза хьоьхуш.

"Чехин радион" хьосташ тешна ю, Британин Iедалхоша Петров Александр, Боширов Руслан цIерашца билгалбаьхначара Скрипальна тIехь терго латтош хилла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG