ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхаьжнаш тасар ца хилла ГIалгIайчохь


Нохчийн, гIалгIайн дозанех хаттар юха луьстуш, парламентан кхеташонехь дакъалаца юкъавеана оьшучу 17 депутатах 12.

Маршо Радионо ма яздарра, байначу беттан 26-чохь Евкуров Юнус-Бека а, Кадыров Рамзана а дозанаш билгалдохуш, бертан куьйгашяздира. Оцу сацамна дуьхьал гIевттира ГIалгIайчоьнан бахархой. Митингехь нах лаьттачу юкъанна дахначу еаридийнахь административан доза тIечIагIдеш республикан низамна куьгяздира Евкуровс. Доза къастош бинчу бертана шаьш реза дуй дIахаийтина гIалгIайн парламентан 25 депутатах 17 аьлла, дIакхайкхийра Iедалхоша.

ТIаьхьо митингехь дийца даьккхира, 25 депутатах 15 дуьхьалваьлла хилла аьлла. Юха кхаьжнаш тасар тIедожийнера протесте арабевллачара. РогIера йоцу Халкъан Гуламан кхеташо кхааридийнахь вовшах ца кхетта депутаташ ца бахкарна. "Интерфаксо" хаамбарца, оьшург 17 кхаж хилла, ткъа парламенте схьавеанарг 12 депутат бен ца хилла.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша а тIечIагIдина, парламентан кхеташо тахана дIаяьхьна цахилар, яздо ТАСС агенталло.

XS
SM
MD
LG