Немцов Борисан 3-гIа Форум йолаелла Прагехь. Карарчу беттан 9-чу дийнахь 59 шо кхочур дара цуьнан. Таханалерачу дискуссин коьрта тема ю "Керла шанс хир юй-те Оьрсийчоьнан?"
Барам болалуш дош делира Чехин арахьарчу гIуллакхийн министран гIовсна Кафка Томашна а, Бельгин хиллачу премьер-министрна, Европарламентерчу "Европехьа либералийн, демократийн альянсан" лидерна Верхофстадт Гина а, вийначу политикан йоIна Немцова Жаннина а.
Форумехь ишта дакъалоцуш бу оьрсийн оппозиционераш – Яшин Илья, Милов Владимир, Алексашенко Сергей а. Церан Iалашо ю тахана Кремлан агрессин политикех а, Оьрсийчоьнан оппозицин хиндолчух а дийца. Кхул хьалха хилла ши форум Берлинехь дIаяьхьнера.
2015-чу шеран Iай Москох вийра Немцов Борис. Стохка иза верна бехкебинчу Нохчийчуьрчу бахархошна 11 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш йиттира.
ХIинца а къастаза дуьссу, мила хилла иза вен кхачийнарг. Немцовн гергарчарна а, доттагIашна а хетарехь, куьйгбехкениг Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан ву.