ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабибан а, Коноран а латаран экономика


И латар вовшахтоьхначу нахана хилла са ю 200 миллион доллар.

Хьабибан а, Коноран а ийначу кепехь латаро иза хьала айина керлачу тIегIана тIе, яздо Кавказ.Реалиино. UFC куьйгалхочо элира, оццул мехала латар шен компанино цкъа а вовшахтоьхна дацара аьлла.

20 эзар билет дIасаийцира 3 минотехь. Латар вовшахтоьхначара алсам адам чутардалийта гатйира прессана билгалъяьккхина меттиг, ткъа кхечу латархошна тIедожийнера чубогIург ахча далар.

Нурмагомедов а, Макгрегор а латаран трансляце хьажа дIаязвелира 3 миллион гергга стаг. Масала, Iамеркехь цунах доккху 100 гергга доллар. Ткъа ерриг а и латар кечдинчу нахана хилла са ю 200 миллион доллар. Иза ду цкъа а хилла доцург.

Ахча доцуш вуьсур вац ши латархо а. Церан гонорараш вуно яккхийн ю. Макгрегорна, латарехь эшнехь а, лур ду 3 миллион доллар. Хьабибана толам баккхарна лур ду 2 миллион доллар. Иза латаран мах бен бац. Конора дийцира, спонсорийн контракташ а тIетоьхча, 50 миллион гергга доллар доккхур ду ша аьлла.

Нурмагомедовх лаьцна аьлча, цуьнан санна гонорар хилла вац цхьа а Оьрсийчуьра латархо. Масала, Емельяненко Федора цкъа а ца даьккхина оццул дукха ахча цхьана латарехь. Формалан кепара Хьабибана дала деза ахча цкъачунн сацийна ду, спортаца догIуш доцуш леларна. Карарчу хенахь леррина комисси къастош ю Хьабибан а, Короран а латар чекхдаьллачул тIаьхьа хилларг.

Амма трансляци ярх лур йолу проценташ тидаме эцча, Хьабибана кхача мегаш ду 10 миллион гергга доллар.

Дусташ далийча, уггаре дукха ахча даьккхина волчу хоккеистана Овечкина Александрана хилла са яра тIаьхьарчу шарахь 14,5 миллион доллар. Теннисах ловзархочо Шарапова Марияс даьккхина 5 милллион сов доллар.

Хьабибан 10 миллион мел ахча ду? Дагестанехь долу уггаре лахара алапа схьэцча, цуьнан гонорарах кхабалур ву 70 эзар стаг. ХIинжа-ГIалахь цу ахчанах эцалур ю шина чоьнах лаьтта 250 петар я Хьабиба йолу BMW 6 олург санна 133 машен.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG