ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIедогIучу шарахь мухIажиршна 7 миллиард евро хьажо Iалашо ю Германин


ТIедогIучу шарахь мухIажиршна социалан хIусамаш яла а, ахчанаш декъа а, интеграци яйта а, мотт Iамо программаш кхио а 7 миллиард евро кхача билгалдаккха Iалашо ю Германин Iедалхойн. Reuters агенталло бина и хаам.

Меркела хIоттийначу планца а догIуш, 2022-чу шарахь мухIажирийн хьашташна лерина хьажор ду 15 миллиард евро. ТIаьххьарчу кхаа шерачохь Германино тIелаьцна миллион гергга мигрант, доккхачу декъанна бусулбанаш.

Reuters агенталлан хаамашца, керлачу бюджетан сацамо Меркелан позицеш уггар доккхачу федаралан лаьтта тIехь, Баварехь а цхьана, йохо тарло. ТIедогIучу кIиранчохь Баварин парламентехь харжамаш бу дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG