ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь мотт беттачарна смартфонаш йоькъур ю


Дагестанан зIенан, информацин, шуьйрачу коммуникацийн министралло махкарчу бахархошлахь конкурс дIакхайкхийна. Нагахь интернетехь экстремистийн материалаш хаалахь, церан линкаш шайга схьатаса аьлла цара. Оцу Iалашонца сайт ю Iедалхоша кхоьллина. Сайт тIехь анкета дIаюза еза шен цIарца, электронан адресца, ишта къасто еза йихкина контент – "терроризм бакъяр, цунна пропаганда яр", "къаьмнашна юкъахь, динашна юкъахь цабезам гIаттор", "кхийолу магош йоцу контент" а.

Цул тIаьхьа оцу публикаци тIе вуьгу линк йита еза. Низам дохош йолу материалаш республикан прокуратуре а, арахьарчу гIуллакхийн министралле а, къайлахчу сервисашка а дIакахочор йолуш ю. Алсам линкаш кхехьийтинчарна совгIаташ дийр ду смартфонашца.

Хьалхара меттиг баьккхинчунна iPhone, шолгIачунна а, кхолгIачунна лур ю Xaomi.

Мел лаьттар ю конкурс, билгалдаьккхина дац. Министраллан пресс-гIуллакххоша "Кавказ.Реалии" портале хаамбарца, конкурсан жамIаш дIакхайкхор ду кху шеран тIаьххьарчу баттахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG