ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга шена гечдар дехна Москох "Ахмат - Сила" аьллачу кIанта


Метро чохь оьрсийн кIантана тIе энергетикан хи чуьра банка а ластош, "Ахмат - Сила" алар, тIедожийна нохчийн кIант каравахна Нохчийчуьрчу Iедалхошна. Мехкан куьйгалхочо масех сахьт хан еллера цунна шена тIе ван. Видеоролик дIаязйина цу кIанта шена гечдар доьхуш нохчийн къоме а, республикан урхалхочуьнга а.

"Сайгара яьллачу сонталлина сайна гечдар доьху ас. Соьгара боккха бехк баьккхина мехкан куьйгалло а, сан дас-нанас а. Доьху массаьрга а сайна гечдар", - аьлла жимчу стага.

Маршо Радионо яздира, Кадыров Рамзан эргIадвахийтина хиларх оцу видео тIехь нохчочо хIоттийначу кепо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG