ГIалгIай а, нохчий а вежарий бу аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Евкуров Юнус-Бекца дозанаш билгалдохуш куьйгашяздинчул тIаьхьа хилла цхьанакхетар дирзича.
"Луларчу эвлахь Евкуров ву аьлла, сайна ма хеззи, ас телефон тоьхнера цуьнга, цунах кхета лаарца. Юха а цхьабарт хилира тхошиннан, цкъа а юкъара гергарло доха йиш йоций а хоуьйтуш. Тхо вежарий ду, тхо цхьаъ ду", - яздина Кадыровс шен Телеграм каналехь.
Цул хьалха ГIалгIайчоьнца дозанашкахь йолчу Бумматан бахархошца къамелаш дира Кадыровс, ишта хилира иза Аки-Юьртахь а, Даттыхехь а.
"Массо а реза бу шина республикан юкъара дозанаш билгалдахарна. Ма дарра сурт довза лаахь, кху ярташка а веана, меттиегрчу бахархошца къамелаш дан деза", - аьлла, яздина Кадыровс шен Инстаграмерчу пена тIехь а.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхойн байначу беттан тIаьххьарчу деношкахь барт хилира, шина регионан дозанаш къастош. И ца тайна ГIалгIайчоьнан бахархой митингехь лаьтта, парламентан депутаташна юха кхаж тасар тIе а дожийна.