ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара ГIажарийчоь ара ца яккхахь Iамерко ша ахча лур дац аьлла


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн секретар Помпео Майк

ГIажарийчоьно гIортор ен эскарш Шемара ара ца дахахь, пачхьалкх меттахIотто Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа ахча лур дац аьлла, дIахьедина пачхьалкхан секретаро Помпео Майка. "И эскарш оцу пачхьалкхехь латтор Шеман Iедалхошна тIехь ду, цундела ГIажарийчоь махкара араяккхаран жоьпалла а царна тIехь дуьссу", - аьлла, билгалдаьккхина Помпеос.

Хьалхо Iамеркан президентан хьехамчас Болтон Джона дIакхайкхийра, Шемахь "йиссина яьлла" Оьрсийчоь, хIинца шен ма хуьллу пачхьалкх юхаметтахIотто таронаш лоьхуш ю Малхбузехь аьлла.

Кху аьхка Путин Владимиран а, Трамп Доналдан а цхьанакхетар дирзинчул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан Инарла штабо Iамеркан тIеман буьйранчашка кехат дахьийтинера, Шема юхаметтахIотто ахча доьхуш. И дехар шийла тIеэцнера Iамерко. Оцу пачхьалкхехь ООН коьртехь а йолуш, политикан процесс дIа ца йолийча, хьалхо шаьш гIоьнна кхачор ду аьлла ахча дала а дуьхьало йинера цара.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкара схьаяьхначу Шеман Къилбаседанара, Малхбалера а кIошташ юхаденъян лур ду аьллера Iамерко 200 миллион долларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG