ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь мобилан интернетца проблемаш ю алар бакъ ца до Iедалша


Республикехь мобилан интернет болх беш яц бохург харцдина ГIалгIайчоьнан Iедалхоша. Хьалхо хаамийн гIирсашкахь яздора регионан дозан тIехь операторийн 3G а, 4G а болх беш яц аьлла. Нохчийчоьнна латта дIадаларна дуьхьал болчу гIалгIаша хIитточу митингашца доьзнера и хьал публикацешкахь.

BBC-н хаамашца, кху беттан 3-чу дийнахь дуьйнна юьйлаеллера мобилан интернетца проблемаш. Протестан акцеш дIахьочу цхьана Магасехь хилла ца Iаш, йоллу ГIалгIайчохь интернетна тоьхна дозанаш дара. Къилба ХIирийн территори тIе ма велли интернет гучуйолура, дийцина бахархоша.

"Москоха дуьйцу" радиостанцига ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун хьехамчас Перехрист Артема дIахьедарехь, интернетца проблемаш дуьххьара яц махкахь, амма ерриг а 3G а, 4G а къевлина бохуш, цунна хезна дац.

ГIалгIайчохь интернет дIаяккхарх официалехь хаам ца бира МТС-о, "Билайно" а, я "Мегафоно".

ГIалгIайчохь митингаш йолийра, Нохчийчоьнца республикан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека латтанаш хуьйцуш барт хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG