ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенгара даьлла банкиран зудчунна кема эца 42 миллион доллар?


 Хаджиева Замира а, цуьнан хIусамда Джахангир а.
Хаджиева Замира а, цуьнан хIусамда Джахангир а.

Британин Iедалша Хаджиевана тIедожийна хьал стенгара даьлла дийцар.

Зуламашца къийсам дIахьочу Британин агенталло (NCA) кхечу пачхьалкхарчу махкахочунна дуьххьара тIедожийна хьал стенгара даьлла дийцар. Иза цо динера хIара шо долалуш, амма и стаг мила ву дуьйцуш дацара. ХIинца хиина юьйцург Азербайджанан Дуьненаюкъарчу банкан куьйгалхочуьнан зуда Хаджиева Замира хилар.

Лондонан Лаккхара кхелан документашца а догIуш, и зуда дукха атта а, деза а дахар дIахьош хилла Британехь. Лондонехь уггаре евзаш йолчу Harrods туьканахь дайина Хаджиевас 21 миллион доллар. Ткъа цо эцначу хIусамийн мах бу 26 сов миллион доллар. Таллам дIахьош суьдо дихкинера цуьнан цIе йовзийтар. Ткъа хIинца тоьхна хан чекхяьлла.

Лондонера Harrods супермаркет.
Лондонера Harrods супермаркет.

Британин Iедалшна хьалхо бакъо елира 66 эзар доллар доккху хIума эцначу стаге хаттарш дахьийта, и ахча стенгара даьлла дийцар тIедожош. Буьцурш бу, коьртачу декъана, зулам лело мегаш бу аьлла, Iедалан шеконаш кхоллаелла нах.

Хаджиеван гIуллакхехула ладогIарш дуьйладелла Лондонерчу Лаккхара кхелехь кхушеран Мангалан-баттахь. Цу зудчунна тIедожийна 29 миллион доллар мах болу цIа а, лаьттан дакъа а оьцуш дайина ахча стенгара даьлла дийцар. Нагахь санна иза Хаджиевага ца далахь, и бахам цуьнгара дIабоккхур болуш бу.

Хаджиеван хIусамда Хаджиев Джахангир 2001-2016-чу шерашкахь Азербайджанан Дуьненаюкъарчу банкан куьйгалхо хилла ву. 2016-чу шарахь Бакохан кхело, дуьхьал а воцуш, 15 шо набахтехь даккха хан кхайкхийра цунна, 29 миллион доллар юхадерзор тIе а дожош. Банкирана бехке диллинарг дара банкан ахча дайар а, бозбунчаллаш лелор а.

Хаджиевас тIе ца лецира шена биллина бехк. Лондонехь хиллачу ладогIаршкахь иза а цуьнан хIусамда а шаьшшинца харцо лелайо бохуш латкъамаш беш дара.

Оццу ладогIаршкахь гучуделира банкиран зудчо Британехь дIахьош долу дахар муха хилла бохург. Масала, суьдан документашца а догIуш, цуьнан шен кема а хилла хохкуш, ша ехачу урамерчу супермаркетехь тIаьхьарчу 10 шарахь 21 миллион доллар ахча дайина а хилла цо – хIора дийнахь 5 эзар сов доллар а дойуш.

Цхьана дийнахь еза ювелирийн хIуманаш а, парфюмери а, сахьташ а дечу Boucheron фирмин салонехь Хаджиевас дайинчу ахчанан барам хилла 198 эзар доллар. ШолгIачу дийнахь, цо шен чагIар латто меттиг юьзна 2400 гергга доллар а дайина.

Юха цхьана дийнахь цо 132 эзар долларх шена эцна Cartier фирмин хIуманаш, ткъа майрачунна совгIаташна дайинчу ахчанан барам хилла 26 эзар доллар. 55 шо долчу Хаджиевас лелош хилла 35 цуьнан майрачо куьйгалла дечу Азербайджанан Дуьненаюкъарчу банко делла карта.

Официалан болчу хаамца, ХаджиевгIара эцна Harrods туьканан долахь йолу машен дIахIоттон меттиг. Ткъа Хаджиева Замирас шена эцна хилла Gulfstream G550 кема. Цуьнах цо делла 42 миллион доллар.

Gulfstream G-200
Gulfstream G-200

Амма Хаджиевас ша цхьана а хIуманна бехке ца лору. Кхелехула юхадаккхийта гIерта иза ахча стенгара даьлла дийцар шена тIедожор. ХаджиевгIеран адвокаташа Лондонерчу кхелехь дIахьедар дина, цаьрца лелош ерг харцо ю аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG