Къилба ХIирийчуьрчу Дигоран кIоштан КIуссу эвлан администрацино шайн юьртан сий долу вахархо вина UFC-н чемпионах Нурмагомедов Хьабибах. "Даймохк" патриотийн клубан куьйгалхочо Карданов Тимура, (цуьнан инициатива ю цIе ялар) "Кавказ.Реалии" портале дийцина, Iуьйранна ворхI сахьт даьлчхьана меттигерчу цхьана хIусамехь гул а делла, шаьш латаре хьовсарх.
"Тхайн дош ларди оха. Нурмагомедов Дагестанан цIарах леташ ма вацара, йоллу Оьрсийчоьнан цIарах ма вара иза. КIуссу эвлан бахархой а санна, иза а лаьмнашкарчу юьртара схьаваьлла хилар Iаламат тов тхуна", - аьлла. дийцина Кардановс.
Дийцарехь, цкъачунна Нурмагомедовна хууш дац, КIуссу юьртахь шен сий дарх. Жигархочо шен зIе хилла аьлла мехкан спортан министрца, гергарчу заманчохь цо шайн хабар дIатухур ду Нурмагомедовх аьла цо.
"Тхуна Хьабиб тхо долчу ван а лаьа, - дIахьедо патриотийн клубан лидеро. – Тхо тешна ду иза вогIур ву аьлла. Цунна лерина доккха той хIотто лаам бу тхан".