ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга гечдар дехначу кIантана ден долчу таIзарх дийцина министро


Зорбан министр Умаров Джамбулат
Зорбан министр Умаров Джамбулат

Кадыров Рамзан дарвинчу жимчу стагна таIзар дийр ду даймахкахь. Махкарчу зорбан министро Умаров Джамбулата кхетош-кхиоран болх дIахьур бу цуьнца аьлла. Ишта министро даредарца, хIинцале а таIзар хилла цунна, социалан машанашкахь вийцарца. "Цуьнан тайпанна а тIехь "доккха эхь" ду и. Цу кепара сийдоцу хIумнаш нохчийн Iедахошна дукха сиха кара а йо, царна таIзарш а до", - аьлла Умаровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна ца тайнера вевзаш воцчу жимчу стага транспорт тIехь дуьхьал хиъна Iачу кIантана энергетик чохь хилла шиша тIе а ластош, "Ахмат- сила" ала аьлла, тIедожор. Яьккхина видео нохчочо ша яржийнера интернетан машанехь. ХIинцале а цуьнга хьаьжна 2 эзар сов стаг.

Оцу суьрто оьгIазвахийтинчу Кадыров Рамзана масех сахьт хан еллера видео тIехь волчу нохчочунна, шен гергарчу нахаца цхьана шена тIеван.

"Сайгара яьллачу сонталлина сайна гечдар доьху ас. Соьгара боккха бехк баьккхина мехкан куьйгалло а, сан дас-нанас а. Доьху массаьрга а сайна гечдар", - аьлла, видео Iораяьккхира жимчу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG