ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урамаш цIандан хIоттийна Кадыровс "Ахмат - Сила" аьлла жимстаг


Москохан транспорт чохь энергетикан хи чуьра банка шена улло хиинчу оьрсийн кIантана тIе а ластош, "Ахмат - Сила" аьллачу жимчу стагна гIалин урамаш цIандеш, зезагаш кхиош, болх белла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Iораяьккхина цуьнан цIе а. Шела кIоштара схьаваьлла Хасиев Турпал ву иза.

Шегара даьллачунна дохковаьллачу цо видеокхайкхам зорбане биллинера, шена гечдар доьхуш махкахошка а, Кадыров Рамзане а.

XS
SM
MD
LG