ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу берийн бешахь йиттина кIант валийна дарбан цIийне


Коьртан хье лазийна Нохчийчуьрчу дарбан цIийне кхачийна 6 шо долу бер. Болчу хаамашца, кхааридийнахь Соьлжа-ГIаларчу цхьана берийн бешахь цунна тIехь Iуналла дан хIоттийначо йиттина хилла цу кIантана. Берийн бешарчу кхиорхочун бехк хиларан тоьшаллаш цкъачунна дац аьлла, комментари йитина "Кавказан узел" агенталле гIалин школазхойн департаменто.

REGNUM агенталло масала даладо, стохка бIаьста Беной-Юьртахь цхьа шох ах шой долчу беран Iуналла дан лаьцначу зудчо етташ хилла хилар ша доладечу йоIанна. Беран коьрта тIехь а, дегIа тIехь Iаржъелла меттигаш гича, полисхошка арз дина хиллера йоьIан дас-нанас. Бехкзуламан гIуллакх даьккхира цунна дуьхьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG