ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санитаран хьелаш талла дIакъевлина Соьлжа-ГIалара кафе


Нохчийчьура 13 вахархо чуьйрийн лазаршца дарбан цIийне кхачорах хаамбира Маршо Радионо еаридийнахь, РЕН ТВ каналан хаамашна тIе а тевжина. Меттигерчу кафечохь котамах бина кхача биинчул тIаьхьа вон хиллера царна. Ду царлахь бераш а. Регионерчу могушаллин министраллан информацица, шеконашка эцна Соьлжа-ГIалара кафе дIа а къевлина, хилларг толлуш ду.

Iетттош, йиънарг ца тайна 7 шарера 30 шаре кхаччалц болу нах кхачийнера Соьлжа-ГIаларчу инфекцин дарбан цIийне, яздина ТАСС агенталло а. Роспотребнадзоран тIаьххьарчу хаамашца, дарбан хIусаме валийнарг 14 ву, шайлахь ши бер а долуш.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG