ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасехь митингехь лаьттачу шинна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш долийна


Нохчийчоьне латтанаш дIадаларна дуьхьал ГIалгIайчохь хIоттийначу митингехь дакъалаьцначу шина вахархочунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш диллина аьлла, "Дождь" телеканалан эфирехь дIахьедина "ГIалгIайчоьнан гIортор" боламан куьйгалхочо Чемурзиев Бараха. Iедалан векалш аьшнашбар дуьхьалдаьккхина Мальсагов Мусана а, Ужахов Малсагна а. Жигархойн хIусамах хьовсур болуш бу полисхой.

Байначу беттан 26-чохь латтанаш дIасалуш куьйгашяздира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша. Ткъа карарчу беттан 4-чу дийнахь протестхойн акцеш йолийра Магасехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG