ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарера Соьлж-ГIала тIех-чехка аьчган некъ билларх ойла хийцина Москох


2025-гIа шо тIекхачале некъ бина балийта Iалашо яра Кадыровн.

Кхушара Мангалан-бутт чекхболуш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дехар дира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире Краснодарера Соьлжа-ГIала валош тIех чехка аьчган некъ билла. Цхьадолчу хьасташа даржорехь, 2025-гIа шо тIекхачале некъ бина балийта Iалашо яра Кадыровн. Цуьнах лаьцна яздора, масала, "Коммерсанто".

Газето бахарехь, экономикан а, транспортан а министраллашна проект кечъяр тIедожийнера Путина.

Ткъа хIинца, Маршо Радион Оьрсийн сервисо яздарехь, Соьлж-ГIалахула чекхболуш Карснодарера ХIинжа-ГIала кхаччалц билла юьхьарлацна хилла аьчган некъ юкъарбаьккхина 2024-чу шаре кхаччалц ахча дала кечйинчу проекташна. Иза гуш ду, Оьрсийчоьнан Iедалан сайта тIехь арадаьлла документ тидаме эцча.

Говзанчаша чIагIдора, 400 километр сохьтехь чехкалла а йолуш цIерпошташ лелийта и некъ билла 1 триллион 200 миллион сом оьшу бохуш. Гарехь оццул ахча доцучух тера ду бюджетехь.

Иштта, цу документо гойту планехь хилла Сочера Джубга гIала боьду машенийн некъ буьллур ца хилар а, Сахалин гIайрене аьчган некъан тIай тасар билгалдаьлла цахилар а.

ГIадужу-беттан 11-чу дийнахь Оьрсийчоьнан министрийн кабинето тIечIагIйира 6 триллион сом мах болу 2024-чу шаре кхаччалц йолу магистралийн инфратруктура тоян а, шоръян а кечйина план.

РБК-но дийцарехь, цу юкъахь хила безаш бара Кадыровс Путине бан безара аьлла хьахийна некъ. Амма тIеххьара Iедало тIечIагIйинчу вариантана тIехь иза бац.

ТIеман-гуьржийн некъ.
ТIеман-гуьржийн некъ.

Бац цу тIехь 120 километр сохьтехь чехкаллица Сочера Джубга ваха аьтто бийр болу 1 триллион 200 миллион мах болу некъ а. Ткъа Путина проект кечйе аьлла омра делла Сахалине аьчган некъан тIай дуьллур ду, аьлла яздина ду нагахь иза таса бюджетера доцу ахча карадахь.

РБК-н хаьстано дийцина цу агенталлана лаккхарчу сихаллин аьчган некъ биллар чекх ца даьлла проект кхоччуш кечйина ца хиларна а, дукха йоккха харж яр оьшуш хиларна а. Амма Iедало кечйинчу плана тIехь хицамаш бан мега, иза тIечIайина яьлла аьлла ца Iаш, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG