ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров: "цIеххьана" куьйгашяздар нисделла дозанаш къасточу кехаташна


ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхой: Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а
ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а куьйгалхой: Евкуров Юнус-Бек а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъарчу дозанах сихаллехь куьйгашяздина, некъаш тIехь болийна белхаш бахьана долуш иккхинчу конфликтна юккъехула. Делахь а ша документ кечдина дикка хан яра, Москох юкъахь а йоцуш аьлла, дIахьедина РБК агенталлана еллачу интервьюхь гIалгIайн куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека. Цо бахарехь, тоххара дуьйнна (шарахь цкъа хуьлучу цхьанакхетарехь) Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца оцу хаттарх къамелаш хуьлуш дара цуьнан. Ткъа тIаьххьара хилла дийцарш долийра, Нохчийчоьнца хоттаделлачу дозан тIехь "Чеченавтодоран" трактор гина, ГIалгIайчоьнан бахархоша шайн резадацар хаийтича.

ГIалгIайн Аршты юьрта нохчийн техника некъ билла йолаелча, массарна моьттинера, ГIалгIайчоьнан территори тIе бевлла нохчий аьлла, билгалдоккху Евкуровс. "Ша шаха барт чIагIбар" нисделлехь а, цунна кечамаш бен бутт зама яра, аьлла Евкуровс.

Байначу беттан 26-чу дийнахь шина мехкан куьйгалхоша эххар а дозанаш къасточу кехаташна куьйгашяздира. Карарчу беттан 4-чохь Магасехь дуьхьалонан акци йолийра бахархоша. ТIаьхьо Iедалшца барт хилира митинг 15-чу дийне кхаччалц латто бакъо луш.

РБК агенталлаца хиллачу къамелехь Евкуровс ша тIехь ницкъ а беш, митингера нах дIасалохкур бац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG