ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс бартбина Тиматин а, Хьабибан а


Тимати а, Кадыров Рамзан а
Тимати а, Кадыров Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана берта вахийтина рэпер Тимати а, латархо Нурмагомедов Хьабиб а. Коьртаниг – вовшах кхеташ хилар ду аьлла Кадыровс.

"Хьабиб а , Тимур а суна сайн вежарий хета. Цаьрца къамелаш дечу хенахь, цхьа доккха хазахетар хуьлу суна, тхо вовшах кхеташ хиларна", - аьлла мехкан куьйгалхочо.

Мел гоьваьллачу артистан а иллеш цо концерт лучу регионан менталитете хьаьжжина хила деза аьлла Кадыровс.

"Хьабибах дерг аьлча, Тимуран сий дайа ца гIиртина иза социалан машанашкахь гIараевллачу посташкахь. Кхи цхьа хIума а тIетухур дара ас, йоллу Оьрсийчоьнца, Дагестанца, Кавказца Тимура ша Хьабиб тола лууш вара элира соьга. ДоттагIаллин гIулч яккха дуьхьал вац Хьабиб. Иштта дикачу агIор йирзи Хьабибна а, Тимурна а юкъахь иккхина конфликт. Со воккхавоь, со юкъагIортар бахьана долуш, пайда баларна", - аьлла, дерзийна Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG