ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мамаев а, Кокорин а "Ахмат" клубе эца дагахь ву Кадыров


Юхахьара лелла аьлла, хьалхо лаьцна Кокорин Александр а, Мамаев Павел а Соьлжа-ГIаларчу "Ахмат" клубе эца кийча ву ша аьлла мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Церан бехктакхаман гIуллакх мухха дерзахь а, футболхошна ша гIо дийр дуй дIа а хоуьйтуш. "Дала ца дезарг далийтина цушиммо шаьшшингара, амма цу тIехь дуьне саца дезаш ма дац", - аьлла Кадыровс. Цул совнах, "набахтено" нисвийр вац и шиъ.

Карладоккху, kp.ru сайтан хаамашца, кху беттан 8-чохь Москох шозза летта ши спортхо: цкъа 1-чу каналан белхахочунна йиттина, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан индустрин, йохка-эцаран министраллан хьаькамах Пак Денисах а, ФГУП "НАМИ" компанин директорх Гайсин Сергейх а тасавеллера и шиъ.

Москохарчу Тверскойн кхело ГIуран-беттан 8-чу дийне кхаччалц Кокорин а, Мамаев а чохь вуьтуш сацамбина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG