ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хасаевн хьокъехь Москох митинг хIоттош яц


Екатеринбурехь Эрмалойчоьнан вахархо Арутюнян Ашот вийна аьлла, чохь латто 37 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Хасаев Мовсар бехке цахилар дIахаийта шоьтадийнахь Москох хIоттор ю аьлла митинг, хир яц аьлла, хаамбо „URA.RU“ хьостано. 2011-чу шарахь стаг вийна цо бохуш, Екатеринбургерчу талламчашна Хасаев киллер хета.

"ПIераскан сарахь Кадыровн векалш зIене бевллера тхоьца, - дийцина хьостане Мовсаран вашас Хасаев Шемала. – Тхуна цхьацца некъаш хьехна, уьш ца лардича ца довлу тхо. Оцу митингца дуьненна а дIакхайкхо лаьара тхуна, Мовсар Екатеринбургехь шен дахарехь хилла воцийла а, оцу зуламан иза бехке ца хилар а".

Шоьтадийнахь дIакхкайкхийна хиллачу митинго шайна хьовзам боккхур бу аьлла хета Шемална.

Иштта цо дицарехь, жигархошна дош делла нохчийн Iедалхоша, Екатеринбургехь луьстуш долу цуьнан вешин гIуллакх Москохан кара дала хьовсур ду аьлла. Бакъонашларъярхойн а, юкъараллан а тергонехь нисдийр ду довхаттар аьлла.

Свердловскан кIоштан Талламан комитето дуьхьало йина оцу хьокъехь комментари яла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG