Шемарчу даIишхошна гIо латтийна аьлла, бехкейо ГIалгIайчуьра 35 шо долу жима зуда. Талламчийн версица, 2015-чу шеран аьхка дуьйнна Шемахь ю иза, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн декъехь.
"ДаIишхойн могIаршкахь йолчу цо лоьрийн гIо латтадо гIаттамхошна, ишта кхача кечбо, бедарш юьтту, теарш до, хIусамашкахь цIано латтайо, ишта герз цIандо", - аьлла бу ГIалгIайчоьнан Талламан комитетан хаамехь.
Шен лаамехь даймахка юхаярхьама оцу зудчо цхьа а гIулч ца яьккхина, чIагIдо урхалло. "Террорхойн организацин декъашхо" иза хиларца, бекхзуламан гIуллакх диллина цу зудчунна дуьхьал.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!