ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан мозгIар маьршаваьккхина туркойн Iедалша


МозгIар Брансон Эндрю
МозгIар Брансон Эндрю

Iамеркахойн мозгIар Брансон Эндрю лаьцначуьра маьршавоккхуш сацамбира Туркойчоьнан кхелахоша пIераскандийнахь. И гIуллакх бахьана долуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа туркойн чоьхьарчу гIуллакхийн, юридикан министраллашна дуьхьал санкцеш яьхнера. БрансонгIеран доьзалан адвокато "Рейтер" агенталле хаамбарехь, мозгIар Iамерке боьдучу новкъаваьлла хIинцале а.

1,5 шо гергга набахтехь хан текхира Брансона, цул тIаьхьа масийтта баттахь цIера дIасавала дихкина латтийра иза. 2016-чу шарахь Туркойчохь карчам бан гIоьртинчаьрца хилла ву аьлла, безкевора иза Iедалша. Террорхошца зIенашкахь хилла ву аьлла, пIераскандийнахь кхо шо хан кхайкхийра туркойн кхелахоша цунна, амма йиссина хан шайн пачхьалкхехь а ца йоккхуьйтуш, Iамерке дIахьажийна.

Хонкаре масийттазза кхайкхамбира Вашингтоно Брансон дIахецар тIедожош, иза гунахь цахилар а чIагIдеш. Кху аьхка иза маьршавакха Туркойчоьнан кхело дуьхьало йича, Iамерко санкцеш туьйхира туркойн хьаькамашна.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатинй президенто Трамп Доналда пIераскандийнахь шен твиттерехь яздинера, Брансон кесста шен даймахка кхочург хилар тешна ву ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG