ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Будановн хилла адвокат велла


Ростов кIоштарчу Адвокатийн палатан президент Дулимов Алексей шоьтадийнахь велла аьлла хаамбо, кIоштарчу NR регион онлайн портало. Социалан машанашкахь дуьххьара яьржина и информаци, тIаьхьо регионерчу Адвокатийн палатехь а тIечIагIйинера, тIаьххьарчу заманчохь могуш вацара иза аьлла, билгалдоккхуш.

Дулимов шуьйра вевзаш вара хаамийн гIирсашкахь, Нохчийчохь тIом боьдучу заманчохь 18 шо долу Кунгаева Эльза йийначу полковникан Буданов Юрийн адвокат хIоьттина хиларца.

ТIаьххьарчу пхеа шарахь Ростов кIоштарчу Адвокатийн палатан куьйгаллехь вара 77 шо долу Дулимов Алексей.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG