ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно набахтера араваьккхинчу мозгIарца цхьанакхетта Трамп


МозгIар Брансон Эндрю
МозгIар Брансон Эндрю

Туркойчоьно дIахецначу мозгIарца Брансон Эндрюца цхьанакхетар хилла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президентан Трамп Доналдан КIайчу цIийнехь. Iамеркан а, Туркойчоьнан а юкъаметтигаш тояларехь яьккхинарг "йоккха гIулч" ю аьлла Трампа, мозгIар даймахка юхаверзарх вистхуьлуш.
Президентан администрацин белхахой а, журналисташ а декъехь а болуш хилла цушиннан къамелдар.

Голаш тIе охьа а лахвелла, доIа дира Брансона ша кIелхьарвоккхуш доккха дакъа лаьцначу Трампна баркалла олуш, яздо Рейтеро. Шина шарахь Туркойчохь набахтехь латтийна мозгIар кхелан кхеташо йоьдучу хIусамчуьра маьрша ма ваккхара, пIераскан буса Германи дIавахара. Шоьтадийнахь Германера Iамерке доьдучу кеман тIе хиира иза.

Оппозиционерца Гюлен Фетхуллаца уьйрашкахь хилла аьлла, бехкевинера Брансон туркойн Iедалша. Президенто ЭрдохIан Реджепа 2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIоьртинчех ву аьллера Гюлен. Брансона тIе ца дуьтура шен Гюленца юкъаметтигаш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG