ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламаш дина Делимханов Адаман хадархой дIахецна Москох


Делимханов Адам
Делимханов Адам

Москохарчу Замоскворецкан кхелехь довхаттар долийнера Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн белхахойн Ахмаев СаIидан а, Болатбаев Лечин а, ГIалгIайчуьрчу вежарийн БулгучевгIеран Ахьмадан а, Мовладин а, Москохарчу бизнесхочун Катков Евгенийн а.
Уьш бехкебо нуьцкъала даккхий ахчанаш дахарна. Талламчийн версица, бизнесхочуьнгара Жуков Константинера 100 миллион гергга ахча даьккхина хилла цара. "Новая газетано" бина и хаам.

Ахмаев СаIид а, Болатбаев Лечи а депутатан Делимханов Адаман хадархой бара зуламаш дечу заманчохь. Болатбаев цуьнан шофер хилла а ву.

2000-гIа шо доладелча 2008-чу шаре кхаччалц Москох Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь болх бина ву Ахмаев СаьIид. Болчу хаамашца, 2006-чу шарахь "Горец" батальонан хьалханча Байсаров Мовлади лоцуш операцехь дакъалаьцна ву иза. Байсаров вийра Москох Ленинан цIарахчу проспектехь каравеанчул тIаьхьа.

Нохийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Москохарчу кхелан куьйгалхочун Егорова Ольгин а, инарла прокуроран Чайка Юрийн а цIарах кехат дахьийтинера, Ахмаев а, Болатбиев чохь ца валлош, и шиъ кIелхьараваккха амал бар доьхуш.

Карарчу беттан юьххьехь къиза зуламаш лелийна и шиъ цIеххьашха маьршаваьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG