Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хьехар дина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекана, митингана дуьхьал ницкъ а ца боккхуш, цигахь лаьттачу нахаца дийцарш дIахьо аьлла. Цунах лаьцна Евкуровс хаам бина "Эхо Москвы" радионна ша еллачу интервьюхь.
Цуьнца цхьаьна "цигахь адамаш латтаро хIумма а хуьйцур дац, хийца йиш а яц", "низамаш хIинцале а болх бан дуьйладеллан дела" аьлла ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо.
Цо дийцарехь, Путина ша тоьхна хилла цуьнга телефон. Оьрсийчоьнан президенто хаьттина "лаьтташ долу хьал муха ду а, хIун дича адамаш майданашкара дIадахалур ду а, оьшуш накъосталла дуй а".