ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Le Figaro: Нохчийчуьра схьаваьлла 20 сов стаг лаьцна Францехь рэкет ярна


Францин полици.

Рэкетирийн тобана юкъахь хилла 23 нохчи лаьцна Францин полицино, хаам бо Le Figaro гезето. Болчу хаамца, иза хилла зуламхой нахера ахча даккха гIертачу сохьтана.

Le Figaro яздарехь, рэкетираш тIелеташ хилла Малхбалерчу Европера пачхьалкхашкарчу автобусийн а, киралелочу машенийн а шоферашна. Париж гIала богIучу цаьргара нуьцкъала даккха гIертош хилла уьш хIораннера а 200 евро.

Оьрсийчоьнан Парижера векалалла таллам беш ю газето яздинчунна, хаам бо РИА Новости агенталло.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG