Соьлж-Галин Лениннскийн а, Старопромысловскийн а, Октябрскийн а, Заводскойн а кIоштийн куьйгалхой балхара дIабаьхна мэро Закриев ИбраьхIима. Цунах лаьцна хаам бина, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Цо дийцарехь, цу кIоштийн префекташ ларош ца хилла шайн декхаршца. Коьртачу декъана иза хьакхалуш ду газах а, тоьках а декхар схьалахьорца боьзначу балхах. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дийцарехь, цу хаттарехь шайна атта болу некъ хаьржина хилла цара, бахьанаш ца къестош, декхар тIехь долчу нехан ток а, газ а дIа а хедош.
Кадыровс билгалдаккхарехь, Соьлж-ГIалин кIоштийн префекташна кхин болх лохур болуш бу, церан хьуьнаршка хьажжина.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!