ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лачкъа а вина, йиттина хилла Amnesty International-ан белхахочунна


ГIалгIайчохь муьлш бу ца хуучу наха, лачкъа а вина, йиттина Amnesty International дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан белхахочунна Козловский Олегана, хаам бо Медиазона сайто. Иза мониторинг еш хилла цу республикехь Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьал дIахьочу митингана.

Козловский Олег.
Козловский Олег.

Цунах лаьцна хаам бина Amnesty International-о шен сайта тIехь. Кху беттан 6-чохь, Iеха а вина, хуьнха а вигина, йиттина хилла цунна. Зуламхоша, верзина ваьккхина сурташ а даьхна, кхерамаш а тесна, Къилбаседа ХIирийчу а вигина, дIахецна бакъонашларъярхо.

Цу наха шаьш меттигерчу экстремизмаца къийсам латторан центран (Центр Э) белхахой ду аьлла Козловскийга.

Козловскийс твиттерехь яздина, ша Оьрсийчуьра дIавахана аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG