ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Болх бан болабелла дозанах лаьцна бина барт - Даудов


Даудов Мохьмад.
Даудов Мохьмад.

Доза къастош Нохчийчоьно а, ГIалгIайчоьно а бина барт болх бан болабелла. Цунах лаьцна яздина Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада шен социалан машанехь йолчу агIона тIехь.

Гезгмашин-баттахь Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а кехата тIехь барт бира, цхьайолу территореш а хуьйцуш, шина республикан доза билгалдаккхар хьокъехь. Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а парламенташа тIечIагIбира иза.

Даудовс шен хаамехь билгалдаьккхина, доза билгалдаккхар нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнаш декъар ца хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG