ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь Козловский лачкъийна хилла бохучух ца теша Евкуров


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан Евкуров Юнус-Бекан шеко кхоллаелла Amnesty International-ан белхахо Козловский Олег ГIалгIайчохь лачкъийна хилла бохучух. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо".

"Нагахь ша лачкъийна а, шена йиттина а хилча, сихха ницкъаллин структурийн органашка хIунда ца хаийтина цо цунах лаьцна, цхьа кIира даллалц хIунда Iийна иза?", - билгалдаьккхина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо.

Евкуровна хетарехь, бакъонашларъярхочо дина дIахьедар хьалххе кечдина питана хила мега, ГIалгIайчоьнан Iедалшна дуьхьал хьажийна долу.

ГIалгIайчохь муьлш бу ца хуучу наха, лачкъа а вина, йиттина Amnesty International дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан белхахочунна Козловский Олегана, хаам бинера Медиазона сайто. Дийцарехь, иза мониторинг еш хиллера цу республикехь Нохчийчоьнца дозанаш билгалдахарна дуьхьал дIахьочу митингана.

Козловский Олег.

Цунах лаьцна хаам бу Amnesty International-о шен сайта тIехь. Кху беттан 6-чохь, Iеха а вина, хуьнха а вигина, йиттина хилла цунна. Зуламхоша, верзина ваьккхина сурташ а даьхна, кхерамаш а тесна, Къилбаседа ХIирийчу а вигина, дIахецна бакъонашларъярхо.

Цу наха шаьш меттигерчу экстремизмаца къийсам латторан центран (Центр Э) белхахой ду аьлла хилла Козловскийга.

Козловскийс твиттерехь яздина, ша Оьрсийчуьра дIавахана хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG