ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьабиб вуьсуш ву UFC-хь, Тухуговх хIун хир ду цкъачунна хууш дац - Уайт


Уайт Дейна (юккъехь).
Уайт Дейна (юккъехь).

Латархойн юьззинчу чемпионатан (UFC) куьйгалхочо Уайт Дэнас дIахьедар дина, Нурмагомедов Хьабиба кхин дIа а дакъалоцур ду чемпионатан латаршкахь аьлла. Цуьнах лаьцна яздо "Советский спорт" сайто.

"Тхан дерриг а дика ду. Тхан а Хьабибан а дика юкъаметтигаш ю. Суна ца хаьа цуьнан рогIера дуьхьалонча мила хир ву, оха цунах лаьцна хIинца а дийцина дац. Витий вай и кIант ша баьккхинчу толамах марзо эца, цул тIаьхьа къастор ду вай и хаттар", - аьлла Уайта.

"Хьабиб вуьсуш ву UFC-хь. ХIун хир ду Тухуговх? Суна иза цкъачунна ца хаьа", - даладо UFC президентан дешнаш tmz сайто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG