ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Митингхошка низам ца талхоре кхайкхийна ГIалгIайчоьнан Iедалша


Магас, гайтаман сурт.
Магас, гайтаман сурт.

Нохчийчоьнца доза хьокъехь биначу бартана дуьхьал Магасехь дIахьочу митинган декъашхошка кхайкхам бина ГIалгIайчоьнан Iедалша, низам талхорах ларло аьлла.

Кхаарин дийнахь чекхйолуш ю Iедалша дIаяхьа бакъо еллачу митинган хан. Республикан бахархойх цхьаберш, Iедалшца дага а ца бовлуш, дуьхьалонан акце арабевлла, Нохчийчоьнца бина барт юхабаккхар доьхуш. Митинг Iедалшца дагадевлла йолийна ца хиллехь а, юкъараллин къепе йохийна хиллехь а, акце арабевллачу наха некъаш доьхкуш меттигаш нисйеллехь а, Iедалша сатуьйхира, цу нахана дуьхьал ницкъ ца боккхуш.

Кхаарийн дийнахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Нохчийчоьнца доза къасторан комиссин декъашхошца кхеташо дIахьура ю Магасехь. Цига кхайкхина бу митингехь лаьтташ болчу нехан векалш.​ Цхьаболчу хаамашца - верриг а 8 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG