ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера митинг хир ю Магасехь хIара бут чекхболуш


Магас, 7ГIад2018.
Магас, 7ГIад2018.

Нохчийчоьнца доза хьокъехь бинчу бартана дуьхьал хьажийна митинг кху беттан 31-чу дийнахь дуьйна Лахьан-беттан 2-чу дийне кхаччалц дIаяхьа мегар ду аьлла бакъо елла ГIалгIайчоьнан Iедало. Цунах лаьцна хаам бина республикан Iедалан сайта тIехь.

Кхаарин дийнахь чекхйолуш ю Iедалша дIаяхьа бакъо еллачу митинган хан. Республикан бахархойх цхьаберш, Iедалшца дага а ца бовлуш, дуьхьалонан акце арабевлла, Нохчийчоьнца бина барт юхабаккхар доьхуш.

Митинг Iедалшца дагадевлла йолийна ца хиллехь а, юкъараллин къепе йохийна хиллехь а, акце арабевллачу наха некъаш доьхкуш меттигаш нисйеллехь а, Iедалша сатуьйхира, цу нахана дуьхьал ницкъ ца боккхуш.

Кхаарин Iуьйранна Магасехь дIахьочу митинган декъашхошка кхайкхам бинера ГIалгIайчоьнан Iедалша, низам талхорах ларло аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG