ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасера митинг дIасаяьлла


ГIалгIайчоьнан территори Нохчийн Республикана дIаелла бохуш, митингехь лаьттина нах дIасабевлла. Цунах лаьцна хаам бина "Кавказский узело". "Дождь" телеканало дийцарехь, дуьхьалонан акци юкъахяьккхина гIалгIайн къоман дерригдуьненан конгресс кечъярца доьзна.

Цул сов ГIалгIайчоьнан Iедалша бакъо ца еллера царна кхин дIа а митинг латто. Делахь а и акци дIаяхьа бокъо елла цара ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь дуьйна Лахьан-беттан 2-чу дийне кхаччалц.

Хьалха къевлина хилла митинг дIахьочу майданна тIедоьлху некъаш даьстина. Майданехь бисина ха деш болу полисхой, амма гIагIадиллина машенаш цигара дIаяьхьна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG